Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь ворхІ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цІе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тІера эхь дІадаккха». Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Хьох дІадирзинчул тІаьхьа, со дохко а даьлла. КараІамийначул тІаьхьа некха тІе куьйгаш деттара ас, хІунда аьлча юьхьІаьржачу а хІиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“. Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, йисина Іаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а. Ас юха а билгалдаьккхина хІокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхІудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
Выбор основного перевода