Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу Ярушалайм-гІалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тІе дІаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цІераш яра. И пенаш яспис олучу дезачу тІулгех дина дара. ГІала ша а цІеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. ГІалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тІулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгІаниг – саппир олучу, кхоалгІаниг – халкидон, боьалгІаниг – изумруд, пхоьалгІаниг – сардоникс, йолхалгІаниг – сардис, ворхІалгІаниг – хризолит, борхІалгІаниг – вирил, уьссалгІаниг – топаз, уьтталгІаниг – хризопрас, цхьайтталгІаниг – яцинт, шийтталгІаниг – аметист олучу дезачу тІулгех бинера. ГІалин шийтта ков шийтта жовхІар дара. ХІора ков цхьацца жовхІарх дина дара. ГІалин коьртачу урамера некъ цІеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
Выбор основного перевода