Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Япатан тІаьхье Дала беркате а йойла, Шимин четарш чохь а Іойла Япат. Ткъа КанаІан Япатан лай хуьлийла!» Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хІинца иза чІогІа жима хир бу цу тІехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дІакхаьллинарш хьо йолчуьра дІагІур бу. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
Выбор основного перевода