Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дІавоьрзур вац. Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац, Сайн багахула дІааьлларг хуьйцур а дац. Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дІаевр ю, кІур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кІелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дІаер яц. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тІера къиза акхарой а дІайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.
Выбор основного перевода