Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цІенна дашо хІуманаш яйта деши а, дато хІуманаш ян дети а, цІестан хІуманаш ян цІаста а, эчиган хІуманаш ян эчиг а, дечиган хІуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тІулгаш а, юкъадохку деза тІулгаш а, бес-бесара хаза тІулгаш а, массо тайпа деза тІулгаш а, алссам шагатІулг а. ЛадогІа хІокху хІумане, бала хьоьгуш верг а, чагІар малаза вехна верг а. И пенаш яспис олучу дезачу тІулгех дина дара. ГІала ша а цІеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. ГІалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тІулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгІаниг – саппир олучу, кхоалгІаниг – халкидон, боьалгІаниг – изумруд,
Выбор основного перевода