Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоІуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до, ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Цхьа хан йогІур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул».
Выбор основного перевода