Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.
Выбор основного перевода