Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»
Выбор основного перевода