Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийонехь Іаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Хьалдолчу Эло Іеминчеран мотт белла Суна, гІелвеллачунна гІо даран дош суна довзийтархьама. ХІора Іуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогІийта. ХІора кІадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хІора гІелвелларг Аса кхачанах вузор ву». Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца
Выбор основного перевода