Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан кІоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те? Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг. Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Іаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хІуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тІехь Суна омра дан муха гІерта шу? ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
Выбор основного перевода