Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза. ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Адамийн денош а, тІеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а. ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу. ХІунда аьлча аьлла ду: «ХІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ! Сан денош къайладолу ІиндагІ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дІаваьлла.
Выбор основного перевода