Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дІахІоттийна ду. Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина. Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу. Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду! Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цІераш ло Цо. Везачу Элан тептар тІехь схьа а лахий, дІадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хІунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дІаевр ю, кІур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кІелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дІаер яц.
Выбор основного перевода