Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин! Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хІуманаш тІе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гІоьнца бен уьш къаста ца ло дела. ХІунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.
Выбор основного перевода