Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гІо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кІелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гІо дора Цунна. Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц: «ДІаала Цийонан йоІе: „Хьажал, хьо КІелхьарйоккхург ву вогІуш! Хьажал, хьо КІелхьарйоккхург ву вогІуш! Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю“». Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». «Хаалаш, Со кестта вогІур ву. Декъала ву кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!» Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама.
Выбор основного перевода