Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Цийонехь Іаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду. Хьуна оьгІазбаханарш юьхьІаьржачу хІиттина а, тІе эхь деана а хир бу. Хьуна дуьхьалбевлларш, хІумма йоцург а хилла, хІаллакьхир бу. Ахь хьайн мостагІий лехахь а, хьуна уьш карор бац. Хьуна дуьхьал тІом беш берш, хІумма а йоцург хилла, дІабевр бу. ХІунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гІо дийр ду“. Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна». «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.
Выбор основного перевода