Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо, Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг. Мархаша хІума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Іаьршашкахула лелачу хенахь. Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Хьан ПаргІатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хІума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дІасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дІадаржийна. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна.
Выбор основного перевода