Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву. Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,
Выбор основного перевода