Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира. Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь! Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту: Бус-буса сайн меттахь а Іуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу».
Выбор основного перевода