Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Адамийн гІайгІанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гІело а ца хьоьгу. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дІаса а даьржа. Цундела цара дечунна тІедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргІанаш а, зурманаш а, иштта чагІар а ду. Амма Везачу Элан гІуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагІий а дойуш, жижиг дууш а, чагІар молуш а дара. «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша. Сан халкъ тешнабехк барна тІедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара. Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела. ХІарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гІуллакх ца хилира. ТІаккха цо, тІемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тІаьхьа ХІарода, ЯхІуд-махкара Кхесрин-гІала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира. Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх?
Выбор основного перевода