Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. Иштта хир ду шуна шайн кІелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дІалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тІера маргІалш доьгІна аша.
Выбор основного перевода