Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хІонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза. Хьан бІаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду. «ДІасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хІусамийн шаршуш дІаяржае! Юха ма оза! Четар чІагІдеш долу машшаш дІахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чІагІде! ХІунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агІор дІасаяьржар ю. Хьан тІаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гІаланаш хьалаюзур ю.
Выбор основного перевода