Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гІалина а, цуьнан цІушна а диннарг дийр дац Аса?» Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гІуллакхаш а, Цунна хастам бан хьакъ долу гІуллакхаш а. Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а, Шен хедар боцу безам боккха хиларна а, Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас, Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.
Выбор основного перевода