Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, дІа а, схьа а волавелира. Цул тІаьхьа, юха а кІантана улло а вахана, цунна тІехь дІасаваьржира ЭлишаІ. ТІаккха кІанта, ворхІазза хьоршам а тоьхна, шен бІаьргаш дІабиллира. Везачу Элан ницкъ боьссира суна тІе, Цуьнан Сино, цигара дІа а ваьккхина, тогІи чу охьавоссийра со. Цу тогІи чохь дукха даьІахкаш яра. Цо цу даьІахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогІин бухахь йолу уьш чІогІа дукха хилар. Со инзарвелира и даьІахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Денлур юй те и даьІахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа». Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дІаала оцу даьІахкашка: „Екъа даьІахкаш! ЛадогІа Везачу Элан даше!“ Иштта боху Хьалдолчу Эло хІокху даьІахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тІаккха шу денлур ю. Ас шуна кІозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тІе чкъор а далор ду, цул тІаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тІаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“». Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тІе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гІовгІа елира. Юха и даьІахкаш вовшашна тІеттІа йоьлхура. Суна гира царна тІе кІозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тІаьхьа царна тІе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цо Суна тІе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТІаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагІевттира. Уьш доккха эскар хиллал чІогІа дукха бара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара даьІахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьІахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дІабаьлла, хиндерг тхох дІа а хаьдда“. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тІаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тІаьхьа Ас шу шайн лаьтта тІе даха охьаховшор ду. ТІаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“». ТІаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. Эхартан карара Аса уьш паргІатбохур буй те? Іожаллех Аса уьш кІелхьарбохур буй те? Іожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац! ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода