Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира.
Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХІора Іуьйранна иза шуна тІелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тІелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Іадийна лаьттар ду.
Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу».