Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш, цІеро буур бу уьш. Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргІанаш а, зурманаш а, иштта чагІар а ду. Амма Везачу Элан гІуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. ЧІогІа гІовгІа хезча, халкъаш дІадовдур ду. Хьо хьалагІаьттича, къаьмнаш дІасадаьржар ду. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». Хьан куьг мостагІашна тІе айалур ду, уьш берриш а ахь хІаллакбийр бу. Динан коьртачу дайшний, Іеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хІуманаш гича а, Делан цІийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КІантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира.
Выбор основного перевода