Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу. Хьал долчун бахам чІагІйина гІала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хІоттийна боккха пен санна хета цунна. Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгІазвахана хиллехь а, Хьайн оьгІазалла дІаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла. Делха, гІалин кевнаш! Орца даккха, гІаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пІелаштамхой! Къилбаседера, кІур а гІаттийна, эскар догІу, цхьа а гІийланиг вац цу бІаьна юкъахь. Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тІехь, дохор а, хІаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КІелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.
Выбор основного перевода