Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цуьнан цІий чохь долчу кеда чу кІедачу ярийн курс а Іоттий, шайн неІаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц. Жимма хан яьлча, Сан оьгІазалла дІаер ю, тІаккха Сан дералла уьш хІаллакбарна тІейоьрзур ю». КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.
Выбор основного перевода