Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду». Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар $яц хьуна чохь.
Выбор основного перевода