Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. ЮьхьІаьржачу а хІоттийна, Мисар-махкара а хьо дІагІур ду. Хьо тешна Іаш берш Веза Эла волчу Аса дІа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац». Со лаьтте дІахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара. Со стигала хьалахьаьжира: ткъа цуьнан нур дацара. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду.
Выбор основного перевода