Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Амма хІара халкъ талор дина ду, нахана тІера хІонс схьаяьккхина ду. Уьш массо а Іаннашкахь латтош бу, я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу. Царах хІонс хилла, цхьа а вац уьш кІелхьарбаха. Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха». «Адаман кІант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дІадига, коше дІабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. Дуккха а денош дІадевллачул тІаьхьа хьо тІом бан тІекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тІом бинчуьра юхаметтахІоьттинчу махкана тІегІуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хІинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тІехь дехаш ду. Ткъа хІинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БІаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!» Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цІевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Юхадерза шайн гІопана тІе, сатуьйсу йийсархой! Тахана Ас дІакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.
Выбор основного перевода