Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Іейлам, тІамца тІегІо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дІасацор ду. ДІаделла кевнаш, Везачу Элан лаамехь долу, Далла тешаме долу халкъ чудаийта. Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дІахІуттур ву Шен халкъах бисначарна. Исраилан а, ЯхІудан а халкъаш Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода