Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хІунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. Цу бахьанина латта неІалто дІакхоллу, ткъа цунна тІехь Іаш болчара шайн къиношна доггІург дІакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тІера бахархой морцуш бу, цхьа кІезиг бен ца буьтуш. Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бІаьрзе а де, бІарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагІаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». ТІаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чІагІонаш тІе, амма, таса а велла, вужур а ву, хІаллак а хир ву иза. Цара Шамранан цІуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаІан делах дуй боу!“ – олий. И чІагІонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гІовттур бац».
Выбор основного перевода