Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Іадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – Хьазиалан туьрах веддарг ЯхІус воьйтур ву. Ткъа ЯхІун туьрах кІелхьарваьлларг ЭлишаІ-пайхамаро хІаллаквийр ву.
Выбор основного перевода