Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тІемало вукху тІемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву». Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагІар муьйлурш, шайн багара иза дІадаьккхина дела! Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла.
Выбор основного перевода