Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. ХІунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза. Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а дойур ду, Іесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цІуш а дІабохур бу. Ас лаьтта тІера адамаш хІаллакдина дІадохур ду, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода