Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гІалина а, цуьнан цІушна а диннарг дийр дац Аса?» Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а. Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цІунах? ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ. Царна тІера бехк дІа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хІунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна». Нах лахбийр бу, адамаш охьатаІор ду, ткъа курачийн бІаьргаш а охьахьовсуьйтур бу.
Выбор основного перевода