Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь. Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.
Выбор основного перевода