Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах лахбийр бу, адамаш охьатаІор ду, ткъа курачийн бІаьргаш а охьахьовсуьйтур бу. Ас дуьненна таІзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Іесачарна шаьш летийначу къиношна доггІург дийр ду. Ас курачийн дегалла дІайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду. Сайна тешаме хиларца тІеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тІаккха къобалвийр ву ахь. Цу дийнахь церан Везачу Дала Шен халкъ кІелхьардоккхур ду, Іуьно шен жа кІелхьар-ма-даккхара. Таж тІера тІулгаш санна, уьш Цуьнан лаьтта тІехь лепар бу.
Выбор основного перевода