Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех – гоьмукъаш бе. ГІорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’. ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира.
Выбор основного перевода