Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайна девзаш доцу халкъаш тІекхойкхур ду ахь, хІинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тІекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина». Сох лаьцна аьлча, церан гІуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тІекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТІейогІучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гІаланийн бахархой а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур бу. Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхІудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дІагІур ду, хІунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“». Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла.
Выбор основного перевода