Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аш дІалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугІу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла. Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Ахьаз-ЯхІу-паччахьна, Шамран-гІалахь долчу шен цІенойн лакхарчу цІийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гІой, Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубе хатта: „ХІокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий». Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. «Аса Со чохь Іаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дІатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагІийн кара дІаделла.
Выбор основного перевода