Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла, бутт дІабаллалц беркат хуьлийла. Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. ТІаккха сан халкъ машаречу хІусамашкахь Іийр ду, кхерам боцучу цІеношкахь а, паргІато йолчу садоІучу меттигашкахь а. Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Іаддий, туррий, тІоммий дІабоккхур бу Аса цу лаьтта тІера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш. Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех – гоьмукъаш бе. ГІорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’. Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а. Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Іийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хІун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла.
Выбор основного перевода