Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІийнан лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, ткъа цунна тІе халкъаш оьхур ду. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаІат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тІе хІоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагІа даккха. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург.
Выбор основного перевода