Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Іуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу. ВорхІ Седа цІе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цІе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй? Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кІорнеш а цІе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан? Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Хьан кхоьллина ВорхІ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Іожаллин ІиндагІах сирла Іуьйре, ткъа дийнах Іаьржа буьйса? Хьан тІегулдо хІордан хиш? Уьш лаьтта тІехула Хьан дІасадаржадо? Цуьнан цІе – Веза Эла ю!
Выбор основного перевода