Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Цо яьссаллина тІехь къилбаседехьара стигал дІаяржийна, цхьа а хІума йоцучохь латта а хьалаоьллина. Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а. Ахьа стигаларчу хишна тІехула Хьайна Іа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гІудалкх йо, Хьо мохан тІемашна тІехь а хехкало. Лаьттан гон тІехула йолчу Іарш тІехь Іаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дІасаяржийна, дуткъа кІади санна, чохь Іан дина четар санна, дІахІоттийна иза. Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу.
Выбор основного перевода