Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІунан дог чІагІделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгІира Мусага а, АхІароне а. Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац». Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а. Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гІело а ца йо.
Выбор основного перевода