Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен ницкъаца хІорд дІатебира Цо, хІордан саьрмик болу РахІаб Цо Шен хьекъалаллица хьаьшира. ХІордан саьрмик РахІаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагІий а дІасабаржийна Ахьа. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, Мисар-махко до гІо цхьана а агІор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цІе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла». Мила латталур ву, Иза эргІадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чІогІа йолу оьгІазалла? Цуьнан дералла яьлла цІе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу.
Выбор основного перевода