Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац, Далла тамехь хила иза гІерташ хилча!“ ХІора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цІеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг. Стигална кІел хуьлучу гІуллакхашна юкъахь хІара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тІаьхьа уьш а беллачарна тІаьххье дІабоьлху. Исраил-махке дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хІорра а схьавоккхур ву – вон мел верг а, дика мел верг а.
Выбор основного перевода