Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн кІелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тІе кхуьссу. ХІуманах а ца кхоьруш, цара цІеххьана цунна тІе уьш кхуьссу. Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Іораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Іаса Цо хІорда тІехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
Выбор основного перевода