Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац. Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хІунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац. Кхоьллина мел йолу хІума шен цІе йолуш ю. Иштта адам хІун ду а вайна хууш ду. Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь адам тоьлур дац. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?»
Выбор основного перевода